Авторизация на сайте

суры корана скачать

Сура 113 - Аль Фаляк - Рассвет Избранные суры из Корана 114-гIа сурат

«ан-Нас» «Адамаш»

Маккахь я Меднахь доссийна, ялх аят ду

Къинхетамечу, Къинхетам бечу АллахIан цIарца.

1. Ала: «ГIо лоьху аса адамийн Элехь,

2. Адамийн Паччахьехь,

3. Адамийн Делехь,

4. Зуламе ойланаш а туьйсуш, [АллахI хьахочу хенахь] къайладолучуьнан вонах ларвала

5. Адамийн дегнаш тIе хIус дечу,

6. Жинех а, адамех а долучу».
_________

ХIокху суратехь бусалбанашка деш омра ду: шайн Элехь, Паччахьехь, массо а адамийн Делехь шайтIанах ларбалар лахар - доллучу а вонан да долучу. Вониг хаздо цо нахана, церан дегнаш тIе хIус до цо, церан бIаьргашлахь вониг а, сакхт а хаздеш, царна и хазачу суьртехь а гойтуш, и дайта церан лаам карзах а боккхуш. Иштта диканиг дан а йо цо новкъарло адамашна, и диканиг кхечу суьртехь а гойтуш. ШайтIа хаддаза ду оцу хьолехь лаьтташ, адамашна вониг марздан церан дегнашна чу зуламе ойланаш а туьйсуш. Делахь а, юхадолуш а, къайла долуш а ду иза - лайно шен Дела хьахочу хенахь а, цо Цуьнгара гIо доьхучу хенахь а, оцу мостагIчуьнца болучу шен къийсамехь.

Цундела гIо а, доладар лахар а тIехь ду вайна адамашна а, иштта кхечу массо а кхолламашна а тIехь волучу Элехь - уьш Шен Iедална кIел болучу, уьш Шена гIуллакх дайтаран дуьхьа кхоьллина волучу. Дика тIаьхьало гур яц нахана шайн мостагIчух шайтIанах шаьш кIелхьара бовллалц - уьш массо а диканах дIахадо а, царна юкъахIотта а хьаьгна долучу, уьш шен тобане берзо гIерташ долучу, ша санна уьш а хилийта жоьжагIатехь.

Дагахь хила деза: деккъа цхьана шайтIанера хилла Iаш цахилар, хазъеш, дагчу туьйсучу зуламечу ойланашца Iаткъам бар, иштта адамийн Iаткъамна кIел нисвала а тарлуш ду. Цундела Сийлахь-Везачо аьлла: «Жинех а, адамех а долучу».

Рейтинг: 0

Певец: Избранные суры из Корана

Песня: Сура 113 - Аль Фаляк - Рассвет

Длина файла: 00:51

Дата добавления: 2015-02-10

Текст просмотрен: 816

Скачать

Другие песни этого певца Избранные суры из Корана
Фильмы
Сурат ан-Нас
Комментарии (0)
Добавить коментарий



Код безопасности: